×
Дала Шен къинхетамца Шен лайшна дикаллин хенаш елла, шайна чохь динчу дикчу хIуманан мел совболуш хуьлуш, къинош дIадойъуш, даржаш лакхадохуш. Оцу хенех уггар яккхийчерах ю Рамадан бутт, ша кхабар Дала парз дина болу. Ткъа и бутт кхабар иштта доккха маьIна долуш хилча, цуьнца доьзна долу коьрта хаттарш ду кхузахь довзуьйтур дерш: цуьнан ахькамаш а, гIиллакхаш а, суннаташ а.